ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бена даздаршна кечлуш ю


ХIинццалц схьа бIаьстенан юьххьехь Нажин - юьртан кIоштан Бена Веданахь дIахьуш хилла "Бенойн бIаьсте" цIе йолу синкъераме ловзарш - даздарш, кхушара гурахь дIадахьа сацам бина урхаллехь болчара. Кху муьрехь йочане доцу денош дахкарций дIахьуш ю рогIера "Бенойн бIаьсте" массо тайпа хьуьнарш къовсу ловзарш.

Цигарчу бахархоша бечу хаамашца, Бена-Веданан юххехь, шерачу экъанахь дIахьуш ду даздарш.

Уьш хилале бохуш, Паьча олучу меттехь берашна а, кхиазхошна а садоIийла йина 500 стаг чутарлуш. Циггахь йина хьафизийн хьуьжар а. Iаламат йоккха тIеман патриотикан комплекс йина кегийчу нахана лерина.

Цхьаьнаметта 1000 бусалба чутарлуш дугIуш ду маьждиг а. ГIишлошьечу "Казбек" компанин керт хьаьккхина дIа а йохийна,"Бенойн-Сити" цIе йолу, дуккхазза а тIекIалйина гIишлош ян беш кечамаш а бу. Кхана я лама и гIишлош схьа а йоьллуш дIадолош ду рогIера "Бенойн бIаьсте" ловза-къийсадаларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG