ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь немцойн Саксони лаьттарчу Дрезденан кхелехь барт хоттуш бу 5 нохчочуьнгара. И нах, цаьрца цхьаьна кхин а II стаг а волуш, лецнера дахначу 2016-чу шеран Лахьан - баттахь. Уьш бехкебора талорхойн тоба кхолларна а, нахера, кхерамаш а туьйсуш, ахчанаш дахарна а, таIзарш дарна а шеконе а лаьцна.

Лецначарлахь масех нохчо а, оьрсий аву, цул совнаха, украинхой, эрмлой а, казахаш а хилла талорхойн тобан декъахь.

Саксони лаьттан полисхойн урхаллехь Маршо Радионе бинчу хаамца, зуламаш лелийначу тобан декъашхой лоцучу хенахь церан петаршкахь я уьш бехачу мухIажарийн юкъараIойлашкахь Iедалхошна карийнера эзарнашкахь ахча а, дуккхаъ герз а, патармаш а, ткъа иштта наркотикаш а.

Оршот дийнахь дуьйна кхеле озийна волу 5 стагана тIехь йина Iийр йолуш яц кху гурахь Дрезденехь кхел. КесталгIа оцу гIалахь иштта цу тобанехь хилла ларалучу вукху 10 стаге а барт хоттур болуш бу кхаа тайп-тайпанчу процессехь.

XS
SM
MD
LG