ТIекхочийла долу линкаш

ГIадужу - бутт болалуш ницкъе даьккхина Австрехь юхь къовлар дехкарх долу низам, цу махкахь бехачу нохчийн зударех хьакхадала доладелла. Маршо Радионе меттигерчу полисхойн прессица болхбаран декъан векало бинчу хаамца, хIинцале а шина нохчийн зудчунна гIуданаш тоьхна низаман бехкам тергал а ца беш, яххьаш къевлина урамашка и шиъ яларна.

Царех цхьаъ Венерчу Шведенплатц кIоштахь сацийнера Iедалхоша, юхь къевлина хилар бахьана долуш. Шайца полисхойн декъа дIа а йигина, цигахь зудчуьнга-полисхочуьнга цуьнан документаш таллийтинера. Иштта зуда-полисхочунна хьалха цуьнга шен юхь тIера никъаб дIа а яккхийтина, низамца догIуш ма-хиллара, цунна 150 евро гIуда а язйина, дIаяхийтинера иза.

Ша полицин декъара арайолучу хенахь юхь дуьхьал кехатан патар лаьцнера никъаб охьаяккха дезначу зудчо.

ШозлагIа нохчийн къомах зуда алсамо вайнах а, бусалба нах а бехачу Венин 20-чу кIоштахь сацийнера, меттигерчу бахархоша полицига шайна цигахь никъаб йоьхна зуда гина яьлла, хаам бинчул тIаьхьа. Цунна а 150 евро гIуда тоьхнера.

Австрехь тIаьххьарчу харжамашкахь толам баьккхинчу консервативечу Халкъан Партин куьйгалхо Курц Себастьян вара юхь къовлар доьхку низам тIеэцар юккъадаьккхинарг.

ХIара бутт болабелчахьана йоллучу пачхьалкхахь и низам дохор бахьана долуш Iедало гIуданаш тоьхнарг 30 герга стаг ву, Венерчу полисхойн векалша чIагIдарехь.

Царех 4 бен бусалба зуда яц никъабаш лелош гучуяьлла, шайна юккъехь ши нохчой, цхьа туркой, цхьа боснихой а йолуш. Кхинберш массо а цхьацца исбаьхалхой а, рекламина тайникийн духарш лелон нах а, урамера туьтмIаьжгаш лелон мукъамчаш а бу.

XS
SM
MD
LG