ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Теркйистехь кегийнах лецна полицино


Кхаарин суьйранна цIеххьана зерашна арабевллачу полисхоша наркотикаш бахьнехь кегийрхой лецна Новр-гIалин,Теркйист кIошташкахь. Низамхойн хьостано дийцарехь лаьцнарг ткъех стаг ву 20 шарера 55 шаре кхаччалц хенаш йолуш.

Маршо Радион хьосташа дийцарехь, лецначех цхьаберш сихха мукъабаьхна, ткъа вуьйш хIинца а полисхойн урхаллашкахь лебеш бу.

Бахархоша билгалдоккху, наркотикашна тIаьхьабозабеллачех доккха цхьа дакъа кест-кеста лоьций дIа а буьгуш, юха дIахоьцуш хилар. Чоьхьарчу гIуллакхийн министаралло хааме даьхначу терахьашца гуьйренан хьалхарчу баттахь махкахь 80 сов схьаяьхна тайп-тайпа наркотикаш а, корта дIонгIаз боккху молханаш а.

Полисхойн урхалло гIардохучу терахьашна тIе а тевжаш аьлча, кху баттахь и терахь кхин а лакхара хила а сахьт дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG