Шайн лаамехь тIеман конфликт лаьттачу Шемара даймахка юхайирзина 34 шо долу Абакарова Загидат а, 25 шарера Курбанова Муслимат а ХIинжа-гIаларчу Советан кIоштан кхелан сацамца лаьцна латтош ю. И сацам тIеэцна цушиннан а карахь жима бер хилар тидаме а ца оьцуш, хаамбина «Кавказан узел» агенталле зударийн гергарчара.
Хьалхо Маршо Радионо яздира, кху беттан 21-чу дийнахь Нохчийчуьра а, Дагестанера а, Красноярскан кIоштара а 14 бер а, 7 зуда а кеманца Соьлжа-ГIала кхачийна хиларх.
Чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIахьедира, и зударий шайн лаамца цIабахкар бахьана долуш, зуламан бехктакхаме гIуллакх дуьхьал доккхур дац аьлла.
Оцу юкъанна, Дагестанера ши яхархо федералан лехамашкахь хилла, Шемарчу тIамехь дакъалоцуш ю аьлла.
Советан кIоштан кхело шинарийдийнахь шина баттанна чохь сацо сацам бина Курбанова а, Абакарова а.