ТIекхочийла долу линкаш

Теракт санна талла долийна Киеверчу «Эспрессо» телеканалан гIишлонна хьалхха, Лакхарчу Радан депутат Мосийчук Игорь а лазош, дина эккхийтар. Чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллан куьйгалхочун хьехамчас Геращенко Антона дина эккхийтар теракт лерина.

Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчас Варченко Ивана «112» телеканале дийцина, Мосийчук верна интерес Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан яра аьлла. Цо билгаладаьккхина, 2014-чу шарахь Кадыровс вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсина хилар депутатна, «Сий хуьлда маьршачу Ичкерин» бохуш, мохь а бетташ, Мосийчука Кадыровн сурт тIе герз детташ, яьккхина видеоролик Интернетехь яьржинчул тIаьхьа.

"Варианташ дуккха а хила тарло. Хьаштхо - Оьрсийчоь ю", - аьлла Варченкос.

Киевехь кхаарин буса дина кила гергга тротил оьккхуьйтуш зулам. Ши стаг вийна, пхеанна кеп-кепара чевнаш йина.

Велларг цхьаъ депутат Мосийчук Игоран хадархо ву, шолгIаниг меттигера вахархо. Лазийна бисинарш дарбан хIусамехь Iохку.

XS
SM
MD
LG