ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчоьнан куьйгаллин тIегIанехь дийцаредеш ду Соьлжа-ГIаларчу аэропортан маршртуан маша шорбаран гIуллакх. КарабогIучу беттан юьххьехь Соьлж-ГIалара Москох кхи а цхьа рейс схьаелла Iалашо ю церан.

ТАСС агенталле еарийдийнахь дийцина цунах регионан урхаллан администрацин куьйгалхочун гIовса Байтазиев Муслима. ГIалин аэропортан онлайн таблоно ма гойтту, хIинццалц схьа цхьана дийнахь Соьлж-ГIала кхо кема доьдура нах буьгуш.

"ТIебогIучу баттахь кхи а тIе цхьа рейс йийр ю Москох. Оцу баттахь Iалашо ю тхан Петарбухе Соьлжа-ГIалара рейс елла а. Керлачу шарахь Ростов, Казане кеманаш лела а тарло Нохчийчуьра", - аьлла Байтазиевс.

XS
SM
MD
LG