ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Атабиев Ислам вийна аьлла хаам баржийна джихIадхоша


Ша шена Абу Джихад (Джихадан да) аьлла цIе тиллина волу даIишхо Атабиев Ислам кху деношкахь Шемахь вийна. И хаам Телеграмм мессенджерехула баржийнарш бу ДаIишан агIончаш. Цкъачунна Атабиев билггал мичахь, муха вийна хууш дац, цунах лаьцна цхьа а информаци ца ялийна, иза верах хаам бинчу хьостано.

Къомах кхарачо волу Атабиев Ислам 1983 -чу шарахь Ставрополехь вина ву. Цхьана юкъана Мисарахь бусалба дин Iамош хан яьккхина, амма дешар чекх ца доккхуш Оьрсийчу юхавирзинчул тIаьхьа Кхарачойн Чергазичуьрчу тIемалойх дIакхеттера иза. И бахьана долуш Iедалхоша лаца а лаьцна, „бандиталла лелорна“ хан тоьхна, набахтехь шо даьккхира Атабиевс.

Шемахь тIом баьлча цига дIабаханчу хьалхарчу кавказхойн могIаршлахь вара иза. ДаIишан буьйранчехь цхьаъ хиллачу Iумар аш-Шишанис шена тIе а озийна, оьрсийн маттахь пропаганда яр тIедиллинера цунна.

Доккхачу декъахь Кавказерчу кегийрхошна Шема а бахана, ДаIишах дIакхетар марздан Iалашо йолу болх бара Шемахь шена Абу Джихад цIе тиллинчу Атабиевс беш хилларг.

2015-чу шарахь Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаменто террористийн могIаршла вазвина Атабиев тIаьххьарчу беттанашкахь хезаш-гуш вацара. ХIинца иза вийна боху хаам цкъачунна ДаIишо официале тIечIагIбанза бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG