Куьйгашца бомба ян Iамош материалш зорбане яьхна кхо сайт хааела Нохчийчоьнан прокуратуран белхахошна. Кхелана тIедожийна цара интернет-провайдерш декхаребан оцу артиклшна тIе некъаш дехка.
"Кхело сацам бинчул тIаьхьа массо а интернет – провайдерша доза тухур ду шайн сайтна. Сацам кхочуш ца бахь, низамаша ма хьоьхху, административан жоьпалла дожор ду царна тIе", - аьлла «Кавказан узел» агенталле прокуратуран векало.