ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Навальный я Собчак? Милла а, Путин воцург!"


Пхи бутт хан йисина Оьрсийчохь президентан харжамаш дIабахьа. Мила къастор ву Оьрсийчоьнан бахархоша аьллачу хаттаро сагатдо тахана хIораннан а.

Харжаман компани йолаяла хIинца а гена делахь а, эксперт-политолог хила а ца оьшу, цуьнан жамIаш муха хир ду аьлла, къасто.

Массара аьлча санна боху, цхьанна а тайпа хийцам а боцуш дIахьур бу харжамаш, вуьшта аьлча, хIинцалерачу Iедало дIахоьцура яц 17 шарахь шайгахь йолу архаш.

Къилбаседа Кавказехь 10 миллион ца кхоччуш адам ду дехаш. Церан аьзнаш шайгахьа даха дагахь болчух тера дац цара. Хууш ду, кхузара юкъаралла Iедалан бага хьаьжжинчохь юьйла.

Нохчийчоь кху тIаьхьарчу шерашкахь мел хиллачу харжамашкахь Iедалехьа даккхий терахьаш гайтина ю. ТIебогIучу харжамашкахь а изза хирг хилар шеко яц.

Ткъа, могIарерачу цхьаболчу нехан дог-ойла къаьсташ ю официала юьйцучух.

Соьлж-ГIаларчу вахархочо Мустапаев Лемас ша гIур вац боху харжамашка. Шена дуккха а нах бевза боху цо цига ца баха сацам бина.

"Харжамашка со лелаш вац. Суна дукха адам девза цига ца оьху. Харжамаша къастош дац, мила хир ву Iедалан коьртехь. Шаьш вовшех дийцарш а дой чекхадоккхуш ду иза", - элира Маршо Радиога Мустапаевс..

Шуьйтан кIоштера Заурбеков Сайд-Мохьмада бахарехь, харжамашка иза ца оьху а ю дикка хан.

"Со цига гIур вац. Кхаж тесча а, ца тесча а, жамI хууш хуьлу. Белхашкахь берш боьлху цига. Ткъа, могIарера нах ца боьлху цига", аьлла, хьажам бу Сайд-Мохьмадан.

Ичкерин заманахь тIаьххьара харжамашка ваханчул тIаьхьа кхин цига вахана вац Шелан кIоштехь веха Абдурахманов Ислам. Тамашийна делахь а, ша тIебогIучу харжамашка ваха дагахь ву боху цо. Ша хIунда гIур ву а дийцира цо.

"Ткъех шо ду со харжамашка ваханза. ТIаьххьара, Масхадов хоржучу хенахь хилла со. Ткъа хIинца болчу хардамашка гIур ву. Путинна дуьхьала кхаж тосур бу ас. Иза Iедалехь мел ву, тоьхна санкцеш малйийр яц, ткъа уьш мел лаьтта Оьрсийчохь къепе хIотталур яц", - олуш, дерзийра шен тхоьца хилла къамел Ислама.

Тахана уггаре а политикан жигаралла йоцурш кегийрхой бу. Дахаран Iалашонаш церан галъяхна, кху чолхечу заманахь. Баккхийчара багахь дуьйцург цхьаъ долуш, деш дерг - важа долуш ца гуш бац уьш. Цундела тешам байна. Харжамашка ца воьду ша, амма хийцамаш хила лаьара шена боху Грозный кIоштера Лабазанов Имама.

ХIинцале жигара хьийзаш бу оппозицин кандидаташ, Кавказхойн шех бIаьрг бадийтина волу Навальный Алексей, 3 де хьалха набахтера ара а ваьлла, пачхьалкхехула гобоккхуш ву, шен агIончийн могIанаш стамбан дагахь.

Кавказхоша цунна гIортор яхь тамаш бу. Цо а, Ходорковскийс а цхьана ала мегар долуш къобал йина тахана Оьрсийчоьно дIахьош йолу политика а, Нохчийчохь хилла ши тIом а.

Уггаре а тамашийна кандидат ю Собчак Ксения. Иза а, ша ца яхча, кхин мила гIур ву харжамашка аьлла, ша хьалхататтаелла, и гIуллакх гуттар а беламе доккхуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG