ТIекхочийла долу линкаш

2012- чу шарахь кхаа бераца Германехь тховкIело ехнера цхьана нохчийн доьзало, Полшехула немцойн махка а баьхкина. Кхаа берах шиъ заьIап ду цу доьзалера. Церан тховкIелонах долчу дехарна дацаре жоп деллера меттигерчу Iедалхоша, Дублин-бартаца догIуш ма-хиллара, уьш Полше юхахьовсо сацам а беш.

2014-чу шарахь и сацам кхочушбан хьажийна Берлинера полисхой, и омра кхочуш ца далуш дIабахнера, заьIап берех шаьш каеттар яц, уьш ницкъаца депортацин набахте дигархьама, аьлла. ХIетте а, меттигерчу кхело тIечIагIбинера доьзал Полше дIахьажорах болу сацам, Полшехь а бу цу берийн лоьрийн Iуналлехь хила аьтто аьлла.

Доьзалан да Нохчийчохь Iедалша лаца а лаьцна, къизачу таIзаршца хьийзина хилар а, и доьзал полшхойн Iедало Оьрсийчу дIахьажон сахьт доцуш хилар а, ткъа уггаре а коьртаниг нохчийн доьзалерчу заьIапчу берашна Германехь долийна хилла дарбанаш, Полшехь церан лело аьтто ца хилар бахьана долуш, церан Берлинерчу адвокато кхеле латкъам бинера, и бераш шайн деца-ненаца Германе юхабахка бакъо йоьхуш.

Маршо Радионе цу доьзална гергарчу хьостано дийцарехь, кхаа шарахь талламаш дIабаьхьначул тIаьхьа, эххар а Берлине юхаберза бакъо елла кхело нохчийн доьзална. Бакъду, адвокато кхелаца бинчу бартаца политикан тховкIело шаьш ехар юхаоьцу доьзало, цунна дуьхьал цу доьзалера жимах йолу заьIап йоI цкъа а Германера Iедало арайоккхур йоцуш, ткъа цуьнца цхьаьна цуьнан да-нана а, йиша-ваша а цу махкахь даха йиш хир йолуш.

И керла кхелан сацам вуно мехала бу кхечу цхьаццаболчу Нохчийчуьрчу мухIажаршна, Дублин-барт бахьана долуш Германера Полше юхахьежош болчу.

Бакъду, доьзалехь цомгуш бераш долчарех бен хьакхалур яц и прецедент

XS
SM
MD
LG