Депутатна Мосийчук Игорна кIелойинарш Украинехь бу аьлла, дIахьедина Кадыров Рамзана чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан кхеташонехь.
"Шега кховдийна рол ловзийна ваьлла иза, цундела хIинца совваьлла цигахь а, цхьанна новкъарлонаш еш хиллачух тера ду цо. Шаьш депутат эккха а эккхийтина, цIогIа детта «Нохчийн Республика», «Кадыровн лар» бохуш", - аьлла Кадыров Рамзана.
Цо бахарехь, Мосийчука а, кхечу политикаша а гайтина Украинан бакъйолу юьхь.
"Тхуна тоххара вицвелла иза дуьненчохь хилар а. Мосийчук – жухарг, декъаза забарча ву, Кадыровн сурт тIе герз а диттина, ша янне а йоцу хIума юйла хаийтира цо",- аьлла Кадыров Рамзана.