ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин масех эпсархо даржах мукъаваьккхина


Ростов гIалахь дов хоттур ду Шелковск кIоштахь 4 эпсархо вийначу Гаджиев Маратан хиллачу тIеман буьйранчин.Бехкевечу Курдюков Романна дуьхьал айда тарло ледарло ялийтарна бехктакхаме гIуллакх, яздо Donday газетано.

Оршотдийнахь Шелковск кIоштахь куп тоьхначу Росгвардин декъан лейтенанта Гаджиев Марата, шен командирна бекхам бан араваьллачохь вийна шеца цхьана гIуллакхден 4 бIаьхо. Ша Гаджиев а вийна дуьхьал герз тоьхна.

Оцу инцидентах кеп-кепара версеш юьйцу зорбанашкахь. Йиллина юьйцург ю, Курдюковс шен куьйгакIелара эскархой сийсазбеш, жимма а цаьргара ледарло ялахь луьра таIзарш деш, хьийзош хилла хилар. И хаамаш Гаджиевн накъосташа баржийна.

ТIеман декъан командир Курдюков а, кхи а масех эпсар а ханна даржах мукъаваьккхина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG