Москох оппозиционеран Навальный Алексейн кхо агIонча лаьцна "Норд-Остехь хиллачух Путина жоп лур ду" тIе яздина баннер цхьана гIишлон керт тIе олларна. Навальный LIVE твиттерехь бина и хаам.
Полисхойн декъехь латтош бу жигархой. Оппозиционеран Москохарчу штабан координаторо Ляскин Николайс хаамбарехь, Навальныйн агIончаш лецарх ма-дарра дерг хууш дац хIинца а, гIуллакх толлуш бу адвокаташ.
Кремле Нохчийчуьра тIом сацабайта Iалашонца нохчийн тIемалоша дIалаьцна «Норд-Ост» театр мукъайоккхуш лерринчу ницкъаша чухецначу газах велира 130 стаг, 700 стеган талхийра могашалла. Иштта вийра массо тIемало а.
2011-чу шарахь Европан кхело листира нехан арз – Оьрсийчоьнан Iедал бехкедира адамашкара даха йолу бакъо дIаяккхарна а, кхел ма-доггIу цаярна а.
Гергарнаш гIерта кхеле хIун газ ю шайн гергарнаш байинарг хаа а, бехкениг жоьпе озавайта а.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ