ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Мемориал": Нохчийчохь нах лечкъор - система ю


Нохчийчохь тахана адамаш тIепаза дар, оцу махкахь тIемаш боьлхучу заманчохь хиллачу хьолах тера ду. Полисхоша нах лечкъабар а, дIалецар а системе дирзина гIуллакх ду аьлла «Мемориалан» куьйгалхочо Черкасов Александра «Кавказан узел» агенталлаца хиллачу къамелехь.

Кхел а йоцуш, низамаш а хьоьшуш, Iедало лецна латтон нах маьршабахийта ницкъ бац тахана Нохчийчохь, ша чоьхьарчу гIуллакхийн урхаллашкахь вевза-везаш стаг вацахь, юкъарло дийца аьлла бакъонашларъярхочо Черкасовс.

Социалан машанашкахула шайн байначу нахах кхайкхийначашна а ца хуьлу гIо, боху «Мемориалан» куьйгалхочо, бехкечунна таIзар дечу меттана, арзхочун дезна шена бехкцабиллар а, гечдар а деха.

«Кавказан узел» агенталло динчу зерашца, карарчу шарахь мел лаххара а, 43 стеган гергарчара кхайкхийна, шайн чуьра нах бовдийна хиларх.

Билгаладаьккхинчу терахьо ерриг а статистика яц гойтуш, боху бакъонашларъярхочо, дукхачу хьолахь, шайн байнарш мохь-орца а ца доьхуш, лоьху гергарчара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG