Леррина тIеман операци дIахьуш санна кху тIаьхьарчу кхаа-деа дийнахь 50 гергга стаг, дукха хьолахь кегийрхой лецна Теркйист кIоштехь. Лецар бахьана ду "бакласин","лирика","тропикамид" веттарчий-таблеткаш дохкар а, эцар а.
Гергарчара Маршо Радионе бинчу хаамашца, цкъа хьалха лаьцнарг Чкъулга юьртарий, Лаха - Неврерий 8 стаг хилла, цаьрга схьабуьйцийташ тIекхилина кхиберш. Ах бIе гергга лецначех виъ стаг мукъавалийтина.
Оццу гергарчара бечу хаамашца, тутмакхаш бинарш кIоштан чоьхьарчу гIуллакхийн кертахь спортзал чохь кхобуш а бу хIинца а, цIерачара ца ехьнарг царна луш юург а яц.
Схьадийцарехь, анаша олу кIомал юхкуш бара аьлла, и таблеткаш олу молханаш махка схьа а кхоьхьуш, царех йохка-эцар йинчу масех стагна дуьхьал бехктокхаман гIуллакх а долийна, уьш кхела хьалха хIитто дагахь бу низамхой.
Цхьаберш, дуьххьара совцийнарш, 15 эзар барамехь гIуданаш а детташ, мукъабовлийтур бу аьлла, дийцарехь.