ТIекхочийла долу линкаш

"Сан-ГIала. Сан дагалецамаш". Иштта цIе йолу суртийн гайтам дIахьош бу Соьлж-ГIалахь. Хасаев Чингисханан суьрташ ду уьш.

Хасаев Чингисхан таханлерачу суртдиллархойх тоьллачарех лоруш ву.

Дуьне ма-дду цхьацца гайтамашкахь дакъа а лаьцна, цигахь хьалхара меттигаш а яьхначу цо, шен коллекци Соьлж-гIалахь дIахIоттийна хIинца.

Тайп-тайпана жанрехь болх беш ву и говзанча, амма къаьстина меттиг дIалоцу хиллачу Соьлж-гIалах долчу суьрташа. 70-гIа шераш чекхадовлу хенаш ю, дукхачу хьолехь, гIала уггаре а кхуьу хан.

Гайтамехь Iалам а, лаьмнаш а тIехь долу дуккха а суьрташ делахь а, къаьсттина дуккха а совцу нах шира гIала тIехь йолчарна хьалхахь. Малика цIе ю шен аьлла зуда ларамаза кхаьчна кху гайтаме.

"ГIала дагаеъна суна. ЧIогIа хазахета хьалхалера гIала гина. Гайтам бу аьлла йоза а гина кху чуеънера со. Сайн бераш а далош йогIура ю со кхуза.Царна хаа ма деза хьалха тIом балале вайн гIала муха хилла, - бохуш, йоккхерца хьоьжура иза суьрташка.

ГIалин юккъахь догIа долало хан а, хьалхалера машенаш а, духар доьхна нах а, урамаш а, нехан дагалецамаш карлабоху. Ткъа, суьртийн эксперташа, масала, Хадчукаева Миланас тидам бо, суртдиллархочун говзаллан. Хасаев Чингисхан Iаламат чIогIа похIма долуш хилар цо билгалдаьккхира иштачу дешнашца: -"Кху гайтамехь дукхахдолу суьрташ Советан заманна лерина суьрташ ду. ХIара сурт суна чIогIа хазахета. Кху тIехь суртдиллархочо чIогIа дика гайтина догIа доладалле хенан хIоттам. Iаьржа стиглара маьлхан зIаьнарш къагадо догIан тIадамаш.

Цхьадолу суьрташ историкан маьIна долуш ду. ХIокху суьртийн цIе ю: «Баркалла хьуна, Соьлжа-гIала. КъинтIера а ялалахь». Ша суртдиллархочо бахарехь иза дуьллуш оцу майдан сурт ца карийна цунна. Цо кийсакашца меттахIоттийна иза".

Гайтаме баьхкинчу дукхачарна дагацадогIура Соьлж-гIалара муьлха урамаш а, меттигаш а ю суьрташ тIехь йиллина. Цхьаболчарна сан а дагадаийта дийзира.

Хасаев Чингисханан белхаш лаккхара мах хадийна ду дуккха а гайтамашкахь. Иза Оьрсийчурчу а, Нью-Йоркерчу суртдиллархойн кхеташонийн декъашхо а ву. Цо ша а къастадо Соьлж-гIалах шен суьрташ дагана уллера ду аьлла. Ша оцу гайтамехь вацара иза. Телефонан зIенехь цо иштта элира: -"ХIара йохийна гIала, дерриге а сурт дуьхьал хIоьттича, чIогIа вас хиллера суна. Дуьненахь а безам баьллера, бакъдерг дийцича. Ас гIала юьллучу хенахь ойла йора ас, цхьанна а оьшур дуй теша уьш аьлла. Амма нахана уьш хазахетаро чIогIа дог дохдо".

Таханлерачу Соьлж-гIалан суьрташ а ду Хасаев Чингисханан гайтамехь. Амма дIадаьлларг, кхин цъа а юха гун а, хиндоцург тIехь долу суьрташ дагна юххера хета цуьнан гайтаме баьхкинча

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG