ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхойн шеконаш кхоллаелла Бакаевн хьокъехь


«Мемориал» организацин бакъонашларъярхойн шеконаш ю, Соьлжа-ГIалахь вайна иллиалархо Бакаев Зеламха, Нохчийчуьрчу полисхоша вийна хиларх, яздо Хроника.инфос.

ЛГБТ-жигархойн Newnownext.com сайто цхьана нохчийн анониман гейно, 26 долу Бакаев Зеламха лаьцна а вара, лечу хьоле валлалц тIехь Iазап а латтийра цунна тIехь аьлла, яздинчул тIаьхьа кIира даьлча зорбане яьлла агенталлан артикл.

"Стаг вайча полицино иза лохуш вацахь, тхуна кхерам тосу", - аьлла AFP агенталле Орлов Олега.

Орловс бахарехь, Зеламхан нанас кхайкхам бинера нохчийн Iедале, шен вайна кIант лохуш, талламаш болабахьара аьлла, амма хIинца а гIуллакх диллина дац цуьнан хьокъехь.

Оьрсийчоьнан ЛГБТ-машан жигархочо Кочетков Игора хьалхо яздинера, Нохчийчуьрчу Iедало гомосексуалист ву аьлла, бехкевеш лаьцна ву Бакаев Зеламха аьлла.

«Кавказ.Реалии» портало дуьххьара хаам бира, Москохара хьажа-хIотта цIавеана Бакаев варах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG