ТIекхочийла долу линкаш

Оьккхуьйтург ю гIишлочохь аьлла телефонехула бина анониман хаам бахьанехь шоьтадийнахь цхьа эзар ах эзар сов стагна эвакуаци йина.

«Интерфакс» агенталло бина и хаам. «Афимолл Сити», «Кунцево-плаза», «Водный», «Трамплин» цIе йолчу йохка-эцаран яккхий туьканашка йиттина телефонаш.

Оьрсийчоьнан полисхойн дакъошка байначу баттахь дуьйна хаамаш кхоьхьуьйту хIоккхахь, дIогахь гIишлох йоьллина оьккхуьйтург ю олий анониман хаамаш.

ХIинццалц цхьанхьа а карийна яц цхьана а кепара мина.

XS
SM
MD
LG