Оьрсийчоьнан Iедалш дагахь ду Шемара цхьаболу эскархой цIаберзо. Буьйцурш бу тIеман техникаца доьзна хьашташ кхочуш деш болу салтий а, эпсарш а, яздо «Коммерсанто», дипломаташна юкъарчу хьасташна тIе а тевжаш.
Билггала хуш дац муьлха техника цаялор ю Шемара. Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедар дина, Оьрсийчоьнан Шемара тIеман тоба ма ярра юьсур ю аьлла.
Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс шен агIор билгалдаьккхина, цу тайпа хаамаш хьалххе баржош ца хуьлу аьлла.