ТIекхочийла долу линкаш

Украинехь йийна Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна тIелатар кечдарна бехке веш хиллачу Осмаев Адаман хIусамнана Окуева Амина. Муьлш бу ца хуучу наха герз диттина и шиъ чохь долчу машенна.

Украинин чоьхьарчу гIуллакхийн министран хьехамчо Геращенко Антона бинчу хаамца, Окуева кхелхина. Осмаев чевнаш хилла ву.

ТIелатар дина Киеван кIоштарчу Глеваха эвлан йистехь. Геращенкос дийцарехь, и зулам динчу меттехь болх беш бу талламхой.

XS
SM
MD
LG