ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Косовохь къизаллаш лелийна инарла Сербехь хьехархо хIотторна дуьхьал бу Евробарт


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Хиллачу Югославехула тIеман трибунал. ХIаага.
Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан Хиллачу Югославехула тIеман трибунал. ХIаага.

Сербина ша дуьхьал юьйла хаийтина Евроберто ХIаагерчу тIеман трибунало тIеман зуламаш дарна бехке вина инарла тIеман академин хьехархо хIотторна, Белград юкъакхета гIертачу Цхьаьнакхеттачу Европан кепашца иза догIуш ца хиларна.

ТIаьхьалоне ваьлла инарла Лазаревич Владимир, 14 шо хан а тоьхна, чувоьллинера набахте Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовшахтохараллан тIеман трибунало. Иза бехке винера 1998-чу а,1999-чу а шерашкахь Косовохь тIом боьдуш сербхойн эскархоша къизаллаш лелорна.

Лазаревич дIахецнера 2015-чу шарахь, цунна тоьхначу хенан кхаа декъах ши дакъа набахтехь даьккхинчул тIаьхьа.

ДIадаханчу кIирнах цо шен хьалхара лекци йийшира академехь "НАТО-н агресси юхатухуш сербхойн салташа гайтина турпалалла а, адамалла а" цIе а йолуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG