ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Окуева Амина йийна нах лоьхуш ю Украинин полици


Украинерчу полицино бехктакхаман гIуллакх долийна Нохчийчуьра яхархо Окуева Амина леррина ер бахьана долуш. Окуева кхелхина Глеваха олучу эвла йистехь, муьлуш бу ца хуучу наха иза чохь йолчу машенна герз тохар бахьана долуш. Цунах лаьцна журналисташка хаам бина полицин официалан векло.

Окуева хIусамнана яра, Оьрсийчоьнан Iедалша Путин Владимир вен дагахь хилла аьлла бехке вечу Осмаев Адаман. Ша Осмаев чов хилла ву.

Киевехь толлуш ю Окуева еран ши верси – Украинера хьалх чолхе даккха Iалашо йолуш йина «террор» а, Кадыров Рамзанан гонахарчу наха бина бекхам а.

Цунах лаьцна "112 Украина" каналан эфирехь хаам бина Украинин халкъан депутато, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан коллегин декъашхочо Геращенко Антона, яздо "Украинская правда" зорбанан гIирсо.

Окуева Аминас дакъалецира Киеверчу Евромайданехь. Лор санна цо накъосталла дира лазийначу нахана. ТIаьхьо цо шен хIусамдеца цхьаьна тIом бира Донбассехь. Окуева яра Украинин ТIеман Ницкъийн лейтенант.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG