ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалца галваьлча дуьне телха...


Эххар а, дIа-схьа а титтина, Шелан кIоштарчу кхело листа долош ду кхааридийнахь Чири-Эвларчу вахархочунна Балатбиев Изноврана дуьхьал айдина бехктакхаман гIуллакх.

Стохка гурахь дуьйнна полисхоша дIавигина латтош ву иза а, оццу эвлара бизнесхо Гехаев Хьасан а.

Iедало чIагIдарехь, Балатбиевс, кегийрхойн коьртеш а хьийзош, церан Шема баха дог-ойла ир-кархIиттош хилла, ткъа Гехаевс ахчанца дакъалоцуш хилла, уьш новкъабохуш.

«Мемориал» центре орцадехна хиллера лаьцна вигинчу шина кIентан наноша.

Юьхь ишта ю кху гIуллакхан, «Мемориалан» бакъонашларъярхошка лецначийн гергарчара дийцарехь.

Чирин-эвлара цхьа жима зуда Туркойчу дIаяхна хилла, маре йоьду аьлла. Цо букъ берзошшехь, юьртахь дийца долийна, и зуда Шема яхна, бохуш. Хиинчу Iедало оцу зудчун ваша лаьцна дIавигина, йиттина, кIира хан елла хилла, яйна йиша схьа а карийна, юхаяло.

Цунна тIаьхьа а вахана, иза лоьхуш лела ахчанца таро яц шен вашас аьлча, оццу эвларчу бизнесхочуьнгара Гехаев Хьасане духалург деха аьлла, хьехна хилла полисхойн хьаькамо.

Цуьнгара ахча а эцна, Туркойчу вахна ваша шен йишин лар каро. КIира даьлча, шегара ахча а чекхдолуш ду, я йишина тIаьхьа а ца кхуьу ша, цIа ван дагахь ву аьлла, полисхойн хьаькаме вашас телефонехула хаам бича, полисхочо кхерамаш тийсина хилла, аьлла дийцина «Мемориалан» бакъонашларъярхошка лецначийн гергарчара.

ХIетахь лаьцна вигина Балатбиев Изновр. Цунна тIаьххье Гехаев Хьасан а.

Болчу хаамашца, и шиъ вигинчу деношкахь Жимачу-АтагIара а, Чири-эвлара а кхи а 26 кегийрхой дIалехьийна хилла Iедалхоша.

Ши кIира чохь а даккхийтина, 26 стаг мукъавитина, дуьйцу, Гехаев а, Балатбиев а виссалц.

Маьршабаьхначара а къайла ца даьхьна, полисхоша шаьш Iазапехь латтор а, нуьцкъаша Гехаев а, Балатбиев а бехкевеш, цушиммо кегийрхой Шема а оьхуьйту, ахчанца гIоьналла а латтадо бохуш, харц кийтралонаш шайга лелаяйтина хилар а, цара боххучу кехаташна шаьш куьйгаш яздина хилар а.

Шеларчу кIоштан кхелахь бутт хьалха дуьххьара долийра Гехаевн хьокъехь ладегIарш. Цуьнан гергарчара «Зона ТВ» телекомпани а кхайкхина хилла кхелан процессах дерг гIарадаккхархьама.

Кхел къевлинчу неIаршкахь дIахьош йоццушехь, телехьожийлан корреспонденташ чу ца битина.

Юьхьанца Iедало бох-бохург тIечIагIдинехь а, кхелан процесс йоьдучу хенахь, тIе ца тадинера тешаша хьалха шаьш аьлларг.

Шайна вевзаш а вац, я цкъа а гина вац аьллера цхьаболучара Балатбиев Изновр.

Суьдхойн кхеташонехь тешашна нуьцкъаша тIеIаткъам бан гIиртина хилла прокуратуран белхахой. Шаьш бохург чекх ца даьлча, цхьана ханна дIатеттина хиллера Балатбиевна кхелъяр.

Оцу юкъанна бакъо лоьхучу кIентан гергарчара орца дехнера Оьрсийчоьнан президентехула бакъонаш ларъечу Москалькова Татьяне а, Нохчийчьурчу Лакхарчу кхеле а, мехкан прокуроран гIовсе а.

Амма уьш кхи сих ца белла жоп даийта.

Материал кечъеш «Мемориал» организацин бакъонашларъярхошкахула зIе таса лаам хилира Маршо Радион бехкевечу шина кIентан гергарчаьрца, амма уьш Iедалх ца хIиттира жоп дала.

Ткъа аьтто хилланне а ца хилира кIентан гIуллакх дIахьочу адвокате Магомадовга масех хаттар дан. «Мемориалан» белхахоша бахарехь, иза къамеле волуш а вац, ур-атталла, цаьрца а.

Гехаев Хьасанан гIуллакх прокуратурано Талламан комитете дIахьажийна ду цкъачунна. Ткъа Балатбиев Изновран гIуллакх луьстур ду Шелан кIоштан кхело кхаарийдийнахь.

Пал тийсийта а ца оьшшу, муха йоьрзур ю кхел хаархьама.

ХIунда аьлча, гIуллакх долийчхьана а, шен терахиларца Старопромыслан кIоштарчу Турбинера 20 шо долчу Тарамов Мохьмадна а, 19 шо долчу Тазбиев Жамлайна а дуьхьал айдинчух тера хиларца.

Шема ваха кечамаш беш вара и шиъ аьлла, Iедало бехке а вина, адвокат еттаяларх а гIуллакх ца хилла, пхиппа шераш кхайкхийна, набахтехь хан токхуш ву ши кIант.

Цундела ала догIу, тийна, тIаьIIина гергарнаш Iахь, цхьа хан кхайкхор ю, нагахь журналисташка а, бакъонашларъярхошка а бовлахь, ши хан тухур ю

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG