ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналисташ байар ца толлучу 10 пачхьалкхана юкъахь ю Оьрсийчоь


Оьрсийчоь -- ГIалгIайчохь журналисташна тIелатар динчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президентан администрацина хьалха дуьхьалонан акци дIахьош ю адамийн бакъонаш ларъярехула жигархо, Москох, Заз. 10, 2016
Оьрсийчоь -- ГIалгIайчохь журналисташна тIелатар динчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан президентан администрацина хьалха дуьхьалонан акци дIахьош ю адамийн бакъонаш ларъярехула жигархо, Москох, Заз. 10, 2016

Журналисташ байар ца толлучу 10 пачхьалкхана юкъаяхна Оьрсийчоь. «Журналисташ ларбаран комитет» олучу Iедалх йозуш йоцучу юкъаралло зорбане баьккхина «ТаIзар ца даран глобалан индекс - 2017» олу таллам. Цу спискана юкъахь Оьрсийчоьно дIалаьцна 9-гIа меттиг. Ткъа хьалхарчу меттигехь ю Сомали а, Шема а.

Эксперташ дийцарехь, тIаьхьарчу 10 шарахь Оьрсийчохь вийна 9 журналист. Уьш байина а, байъийтина а нах карийна бац.

Журналисташ байина нах ца лахарца Оьрсийчоь хьалхаяьлла Бангладешал а, Нигерел а, Инди пачхьалкхал а, аьлла хета «Журналисташ ларбаран комитетехь».

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG