ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хаьштиг кховдо стаг хилча, балхахь а вуьсу


Москохарчу дарбан хIусамера лоьраш,2017
Москохарчу дарбан хIусамера лоьраш,2017

Кхо шо долу бер шен бехках айпе дарна бехкелерина лор таIзарх ялийтина махкарчу Iедало.

Байначу баттахь WhatsApp-ан зIенехула Соьлж-ГIаларчу яхархочун Такалаева Кулсуман Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга дина дехар сихха дIасадаржийра.

Кхо шо хьалха гIалин берийн лоьмар 2 йолчу дарбан цIийне могуш йоцуш хилла ялийначу шен 3 шо долчу йоIах, лоьрийн биэндацаро а, шогалло а заьIапхо ярх дуьйцура къоначу нанас.

Маршо Радио зIене елира хIеттахь Такалаева Кулсумца. Цо тIечIагIдира шен дийцарца, билгалъяьккхинчу дарбан хIусамехь шен йоI айпе муха йира оцу буса белхан рожехь хиллачу лоьро Халухоева Оксанас.

Кхелан-медицинан экспертизано а бакъдира, лоьро кхоччуш беран могушалла зийна цахиларх а, цунна дан ца догIу дарба лелийна хиларх а.

Нанас кхеле арз динера лоьрийн ледарло бахьанехь шен йоI меттахь йисина хиларх. Ца дехна Кулсума лор чуйолла аьлла, цуьнан лаам цхьаъ бара, къемата шен йоIана гIоле хир яцахь а, и лор балхах йохор, кхана-лама шена санна цхьанна бале яларна кхоьруш.

Прокуратурано гIуллакх листинчул тIаьхьа, зуламан бехктакхаман гIуллакх даьккхира берийн дарбан цIийнерчу лоьрана дуьхьал.

Ткъа кхело дерриг теллинчул тIаьхьа шен сацамца тIечIагIдира, лор Халухоева Оксана бехкехилар, жимачу йоьIан могушаллина доккха зен дина хиларна, иза инвалид а еш.

Октябрск кIоштан кхело таIзар кхайкхийра лоьрана, набахтехь даккха ши шо хан а, иштта цхьана шарна болх бар а доьхкуш.

Шарахь шен чоьтах Германехь йоIана дарба а лелийна, даймахка юхайирзина Кулсам тIекхуьу, лор Халухоева Оксана берийн хирургин декъан куьйгалхочун дарж дIа а лаьцна, оццу дарбан хIусамехь болх беш хиларна.

Зуламхо жоьпе озо магийна хан тIехтилла аьлла, бехкех цIан а йина, могушаллан министралло гIуллакх дIа а дерзийна, кхи дIа болх бан йитина хиллера кхуьнан йоIах заьIапхо йина лор.

Къаръяла дагахь яцара Кулсам. Юха а дов карладоккху цо.

«Кавказ.Реалии» портало а, Маршо Радионо дийцира шайн агIонаш тIехь оцу хиламах. Нохчийчуьрчу прокуратурано шаьш гIуллакх толлур ду, хаамийн гIирсашкахь дийца даьккхина долу аьлла, яздира шайн сайтехь байначу беттан 19-чохь.

Тахана, кхааридийнахь, Маршо Радионо хаьттира Такалаева Кулсуме, цхьалха даьллий-те цо арадаьккхина гIуллакх, аьлла.

Стомара, оршотдийнахь, Нохчийчоьнан коьрта прокурор Абдул-Кадыров Шарпуддина тIе ваханера тхан да, иза ма ву сан йоьIан кехаташ лелорийг. Балхара дIайоккхур ю, лоьраш тхуна оьшу, амма и тайпанаш ца оьшу аьлла бахара прокурора. ДIаяьккхина хир ю аьлла-м хета суна", - тешна яра Кулсам.

Прокуроратурехь ТакалаевгIаьрга альлларг мел бакъ ду зиэрхьама Соьлжа-ГIаларчу 2-чу берийн клиникин цIийне дистхилар а нисделира тхан. Регистратуран белхахочо деллачу жоьпаца, Халухоева Оксана, хьалха санна, дархой тIе а оьцуш, болх беш карийра тхуна.

Оксанин телефонан лоьмар яц соьгахь, ша куьйгалла дечу отделенехь ю-кх иза хIинцца а, шен кабинет чохь элира медрегистратора.

Билггал иза юй-те хаархьама, фамили хаьттира оха цуьнан.

"Халухоева Оксана ю", - жоп хазийра белхахочо. Амма цуьнца шеца, мел дукха горгали беттарх а, зIе ца тасаелира тхан.

Иштта телефон схьаоьцуш стаг вацара могушаллан министраллехь а. Ша министр белхан хьокъехь дIасаваьлла аьлла жоп хазийра цуьнан секретара.

Прократуран Iалашо йовза лууш, Кулсама динчу арзан хьокъехь церан талламаш аттачу бевллий а хоттуш, Маршо Радионо тоьхна телефон схьаийцира белхан рожерчу прокурора Егоровс.

"Сан цхьа а бакъо яц комментареш яла, сан декхаршца догIуш дац. Нагахь санна, цхьанхьа дина зулам ду аьлла, хаам беш хьо елахь, ас дIаяздийр ду. Нагахь хьайна цхьа информаци эшахь, тхан электронан адрес тIе кехат даийта, хьем ца беш жоп лур ду хьуна",- аьлла, хадийра цо шен къамел.

Иштта доцца нисделира тхан прокурорца къамел. Кху баттахь шен цомгуш йоI Петарбуха йига дезачу, амма цхьана а агIор таро йоцчу Такалаева Кулсамна-м моьттура, лор Халухоева Оксана «и санна лоьраш оьшуш бац» аьлла, балхара дIаяьккхина хир ю.

Амма, гуш ма- хиллара, даржехь кхи а лакха а яьккхина, ша хиллачу берийн дарбан цIийнехь карийра Маршо Радиона лор.

Кхузахь, шен метта ю аьлла хета дайн цхьа беламе забар. ТIахъаьллачу, кадечу стагах дозалла деш, дера ву хIара жоьжагIати чуьра хаьштиг а дахьар долуш цхьаммо аьлча, вукхо жоп делла хилла-кх, тамаша а дера бац, цуьнан санна и схьакховдо бухахь нах хилча, муьлххачо а дахьар дара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG