ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Киборгаш» филман премьера Окуева Аиминин синна лерина режиссеро (видео)


Киборгаш. Суртдиллархо Журавл Юрий, Донецкан аэропорт.
Киборгаш. Суртдиллархо Журавл Юрий, Донецкан аэропорт.

«Киборгаш» кинон премьера Окуева Аиминин синна лерина цу филман режиссеро Сеитаблиев Ахтема, хаам бо Крым.Реалиино. Цу хаамца, цунах лаьцна Сеитаблиевс яздина шен Фейсбукерчу агIона тIехь. Дудаев ЖовхIаран цIарахчу Украинерчу батальонан пресс-офицер Окуева йийна ГIадужу-беттан 31-чу дийнахь Киевна гергахь, иза чохь йолчу машенна герз а тоьхна.

«Тхан тобанца цхьана оха гойту шуна официалан трейлер тхайн «Киборгаш» филман. Амина Окуева, сан йиша. Ас хьан синна лору хIара премьера. Цкъа а йислур яц. Турпалхой ца кхелха. Сий хуьлда Украинан!», – яздина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG