ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нью-Йоркехь адамаш дайина Саипов Гуантанамо дIахьажо мегаш ву Iамеркан Iедалша


Саипов Сайфулло. Кхелехь куьйгадиллина сурт.

Iамеркан сенаторша кхайкхам бина КIайн ЦIане, Нью-Йоркехь 8 стаг вийна Саипов Сайфулло Кубан территорина тIехь йолчу Iамеркан Гуантанамо олу тIеман набахте дIахьажаве аьлла.

Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда Лахьан-беттан 1-чу дийнахь дIахьедар дина, цу хьокъехь ойла еш ву ша, амма цкъа хьалха бехке вечу стагана «мостагIан тIемалочун» статус яла еза аьлла.

Саипов хIинцале а бехкевина терроран тIелатар дарна. Цуьнан гIуллакх луьстур ду Манхэттенан гонан кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG