ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Google-о кхин гойтур яц Оьрсийчуьрчу троллийн фабрикан материалаш


Керланийн Google News агрегаторо сацийна цхьамогIа Оьрсийчоьнан сайтийн материалаш гайтар, уьш троллийн фабрикица йоьзна хиларна.

Ша аьлча, Google News сервисо материалаш кхин зорбане йохур йоцучу агенталлашна юкъахь ю "Федеральное агентство новостей", "Политэксперт", "Инфореактор", ткъа иштта сайташ "Экономика сегодня", "Политика сегодня", "Народные новости", "Нью информ".

Ерриг а и ресурсаш, хьалха РБК агенталло хаам бина ма хиллара, юкъайогIуш ю вовшашца хоьттинчу 16 порталах лаьттачу «медиа фабрикина». Церан аудитори ю 36 миллион стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG