ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра федералан ши суьдхо дIаваккхийтина прокуратуро


Архивера сурт.
Архивера сурт.

Нохчийчохь хенал хьалха даржера дIаваьккхина федералан ши суьдхо. Республикан квалификацин коллегино дийцаре дина прокуратуро и шиъ жоьпе озорах лаьцна хаттар, хаам бо Оьрсийчоьнан Инарлан прокуратуро.

Вуьйцург ву ТIехьа-Мартанан кIоштара федералан ши суьдхо. ЦIераш йохуш яц. Прокуратурана хетарехь, цара харц кхелаш еш хилла цхьацца административан девнаш луьстуш. И сацамаш юхабаьхна а хилла прокуратуро латкъам бинчул тIаьхьа.

Прокуратуро дуьйцучуьнга ладоьгIна бина Нохчийчуьрчу квалификацин коллегино бехке волу ши суьдхо хенал хьалха балхар дIаваккха сацам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG