ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхи шо хьалха ша зуда йийна хилар даре дина Нохчийчуьрчу вахархочо


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

Нохчийчохь Хьалха-Мартанан кIоштарчу вахархочо Газимагомаев ИбраьхIима, Iедална тIе а вахана, мукIарло дина ша 2012-чу шарахь зуда а йийна, иза лаьттаха йоьллина хилар хьокъехь. Цо шеггара кхел йинарг ю оццу Хьалха-Мартанан кIоштарчу Рошни-Чу эвлара яхархо Абубакарова Марха.

Куьгбехкечо тоьшалла дарца, Гихта эвлана гергахь схьакарийна йийна зуда лаьттах йоьллина меттиг. Абубакарован гергарчу наха дийцарехь, цунна тIеюьйхина хиллачу бедаршца билгалдаьлла царна и дакъа 5 шарахь шаьш лехначу Абубакарова Мархин хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG