ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Масийтта стаг лаьцна Москох оьрсийн националистийн маршехь


Оьрсийчоь -- Москох националистийн маршехь. Лахь.4, 2017.
Оьрсийчоь -- Москох националистийн маршехь. Лахь.4, 2017.

Москох оьрсийн националистийн «Русский марш» дIахьош Люблино кIоштахь полицино дIалаьцна масийтта стаг, хаам бо «Дождь» телеканало. Цо бинчу хаамца, уьш бу "Черный блок" олучу боламан декъашхой.

Иштта хаам бина Росгвардин белхахочо сурташдахархочунна коьртахь чхьонкар тоьхна аьлла.

Националистийн акцеш дIайоьлхуш ю Москох Люблино кIоштахь а, "Октябрьское поле" метрон социйлана уллехь а. Цу акцин официалан сайта тIехь аьлла ду, шаьш президенте а, министрийн кабинетан декъашхошка а доьхург даржаш дитар ду аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG