ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бена-Юьртарчу дешархочо яьккхина iPhone X


Оьрсийчоьнан президентах Путин Владимирх тоьлла байт язъечу конкурсехь толам баьккхина, яздо мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен Инстаграмехь, Теркйистан Бена-Юьртарчу школан 3-чу классан дешархочо Ибахиева Хедас. Байтийн конкурс Кадыровс кхайкхийнера, юккъе керла юкъаяьлла iPhone X юьллуш.

Цо бахарехь, къовсамехь дакъалаьцна 3 эзар гергга бахархоша. Доггах ешначу байтаца жюрина тIеIаткъамбина Бена-Юьртарчу Ибахиевас.

Кадыровс яздина, толам баьккхича iPhone X совгIатна луш юй хиича, дог доьхнера йоьIан. Ша смартфонан дуьхьа ца лаьцнера конкурсехь дакъа, Оьрсийчоьнан президенте шен безам а, ларам а дIахаийта лаам бара шен аьлла хилла толамхочо.

Маршо Радион хьосташа чIагIдарца, Ибахиева Хеда шен доьзалца Соьлж-ГIаларчу школехь доьшуш ю, Бена-Юьртарчу школехь дешна яц иза цхьана дийнахь а, ур-атталла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG