ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кутаев Русланна юха а доза тоьхна кхелахоша


Нохчийчуьрчу набахтехь хан токхучу юкъаралхочунна Кутаев Русланна тIехь рогIера кхел дIаяхьна Чернокозоверчу набахтехь карарчу беттан 3-чу дийнахь сихонцаа вовшахкхеттачу кхелхоша. Кутаев Руслан маьрша ваьлча цунна дуккха а дехкарш дина. Иштта магийна дац ша вехачу кIоштана дозанера аравала а, адамаш дукха гуллучу меттигашка ваха-ван а.

ТIедожийна хIора буьйса шен хIусамехь яьккхар, хIора баттахь цкъа полице тIе а воьдуш, куьгяздан а. И дехкарш цхьана шарна лерина ду.

Кутаев Руслан 2014 -чу шарахь 4 шарна чувоьллинера цуьнгахь наркотикаш карийна аьлла. Амма цо бехк шена тIе ца оьцуш, арз дира Оьрсийчоьнан Лакхарчу кхеле, шена тIехь йийриг харцо ю, аьлла. Кутаев Русланан апелляци тидаме эцначул тIаьхьа, ши бутт хан юхаяьккхира кхело.

Дуьненаюкъарчу юкъараллаша, ХIюмен Райтс Вотчо дIахьедира, Кутаев Руслан хIуманна а бехке вац, иза Iедало шена товш йоцу, вайнах махкахбахарх лаьцна йолу конференци хIотторна бехкево аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG