ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIадоьжначу жIаьлийн чемпионат дIахьур ю Нохчийчохь


Нохчийчоьнан лаьмнашкахь кхушара дIадоьжна жIаьлеш хохку къовсам дIабахьа Iалашо ю. ТАСС агенталле бина и хаам махкарчу туризман комитетан куьйгалхочо Баудинов Исмаила.

"Кхечу регионашкара дехарш кхочу тхоьга Къоьзан-Iоман гонашкахь жIаьлеш доьжна чемпионат дIаяхьийта бохуш. Де хIинца а билгалдаккхаза ду оха, амма «Ведучи» олучу курортехь когсалазаш хохку дуьххьара некъ схьабиллинчул тIаьхьа кечамаш бан дуьйлалур ду тхо", - аьлла, билгалдоккху Баудиновс.

Туризамн комитетан зерашца карарчу шарахь 100 эзар сов турист хилла Нохчийчохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG