ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Екатеринбургехь Ельцинан хIоллам баго гIоьртина


ТIе бензин а доьттина, Ельцин Борисна хIоттийна хIоллам багон гIоьртина Екатеринбургехь «Кхи Оьрсийчоь» партин жигархо Щука Игорь. Ша дан леринарг чекхадаккха ца кхиина Щука, тIекхаьчначу полисхоша лаьцна иза.

Щука Игорь Белоруссин вахархо ву. 2009-чу шарахь цунна таIзар динера Iедало Медведев Дмитрий а, Путин Владимир а сийзазвеш, кехаташ даржорна.

«Мемориало» хIетахь политикан тутмакх лерира жигархо Щука.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG