ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIюман Райтс Вотч: Бакаев волу меттиг йийца еза Оьрсийчоьно


Слева человек, называющий себя Бакаевым в Германии, справа - Бакаев до исчезновения
Слева человек, называющий себя Бакаевым в Германии, справа - Бакаев до исчезновения

Кхо бутт кхочуш бу Нохчийчохь Бакаев Зеламха вайна аьлла, карладаьккхина шинаридийнахь бакъонашларъярхоша, оьрсийн Iедалшкара иза волчу меттигах бакъ жоп а доьхуш.

«Кавказ.Реалии» портало дуьххьара хаам баржийра Соьлж-ГIалахь иллиалархо варах. ХIетахь дуьйна хууш дац билггал иза волу меттиг.

Ши бутт гергга хьалха Интернетехь видео гучуелира, ша Германехь ву бохуш, Зеламхас дуьйцу. Цхьа могIа бакъонашларъярхоша "хIоттийна спектакль" ю и аьлла, дIахьедира.

Нохчийчоьнан прокуратурано а, мехкан Iедалхоша а официалан дIахьедар динехь а, цара нийса жоп дала деза Бакаевх хиллачух аьлла, дIакхайкхйина шинаридийнахь дуьненаюкъарчу Human Rights Watch бакъонашларъярхойн организацино.

Кху беттан 8-чу дийнахь 3 бутт бузу иллиалархо вайна. "Нагахь санна Зеламха Германехь велахь, иза цигахь хиларх тоьшалла а дина, гIо дан ницкъ бара немцойн Iедалан. Цунна маьршша тховкIело а шаьш лург хилар а хоуьйтуш, шен доьзалца зIене вала таро а йолуш", - аьлла ду ХIюман Райтс Вотч организацино шайн сайте оьллинчу дIахьедарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG