ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Окуева Аминина йиттина автомат карийна


Окуева Амина еран гIуллакх толлучарна автомат карийна, хетарехь, цуьнца пайдаэцна зуламхоша аьлла, хаамбина Лакхарчу Радан депутата, чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовса Геращенко Антона.

Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан информацица, байначу беттан 30-чу дийнахь чевнаш йина Осмаев Адамна, ткъа цуьнан хIусамнана Окуева, машенчу диттинчу герзаша йийра.

"Нохчийн лар" го Окуевна а, Осмаевна а динчу тIелатарехь аьлла, дийца даьккхира Украинехь. Кадыров Рамзана Украинан къайлаха сервисийн карах хилла ду зулам элира.

"Дахначу кIиранах аренца Iуьллуш карийна машен тIе йиттина автомат. Цу тIехь йисина зуламхочун ДНК-н лараш. Эксперташа-криминалисташа талламаш дIахьош бу. Зераш хиинчул тIаьхьа шеко йоцуш билгалвер ву Окуева йийнарг", - аьлла Геращенкос шинарийдийнахь журналисташка.

Геращенко тешна ву, полицин тоъал ницкъ а, гIирсаш а хирг хиларх дина зулам талла а, зуламхой белла дIабовллалц хенаш тоьхна чубохка.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG