ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийн салтиша шен нана а, хIусамнана а йийна, ша цу махкахь Iойла дац аьлла, Германехь тховкIело ехна нохчо кхеле озийнера Аугсбургерчу Iедало. Иза лацаран бахьана - 55 шо долчу нохчочуьнгахь оьрсийн паспорт ца хилар а, оьрсийн Германерчу векалтехь керланиг даккха цатигар а ду.

Хьалха цкъа Германехь тховкIело а ехна, Iедало негативе жоп а делла. Оьрсийчу дIахьажийна вара и стаг 2011-чу шарахь. Амма дукха хан ялале Германе юха а веана, цигахь кхин цкъа а тховкIело ехнера цо, Баварерчу лаьттан кхелехь, Маршо Радиона тIечIагIдина ма-хиллара. ШозлагIа тховкIело йоьхучу хенахь ша схьавеанчу махкара паспорт карахь хила дезаш низам немцойн махкахь хиларна, цуьнга Iедало оьрсийн векалте а гIой, цигахь хьайна паспорт даккха аьлла тIедожийнера.

Амма Оьрсийчоь шен Даймохк санна къобал ца дечу нохчочо ша оьрсийн векалтин керта ког боккхур бац аьлла. Шен нана йийначу мехкан олалла ша тIеоьцур дац, оьрсийн паспорт ша схьаэцар, ша и пачхьалкх къобалъяр санна ду аьлла бу цу стеган хьежамаш. Цундела кхеле озийнера иза.

Аугсбургехь дIаяьхьначу процессехь кхелахочо ша дика кхеташ ю элира лаьцначуьнга. "Хьан хала дахар а хилла, Оьрсийчоьно хьуна дукха вонаш дина, амма тхо низам лар ца дича ца довлу", - элира цо.

Цундела, цо цунна арахь яккха биъ бутт хан туьйхира, и хан чекхъяьлла ши бутт балале шена оьрсийн паспорт даккхар тIе а дожош.

XS
SM
MD
LG