ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлжа-ГIаларчу полицин коьртехь керла хьаькам ву


Чоьхьарчу гIуллакхийн Соьлжа-ГIаларчу урахаллан керла хьаькам хIоттийна Кадыров Хас-Мохьмад. Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министро Алханов Руслана ша вовзийтина иза ницкъаллийн структурийн белхахошна, хаамбо «Грозный-Информ» агенталло. Кадыров Хас-Мохьмад мехкан куьйгалхочун гIоьнча а лаьттина, иштта ши бутт хьалха Нохчийчохь наркотикашна дуьхьало латточу урхаллан хьаькам хIоттийнера иза.

Соьлжа-ГIаларчу полицин куьйгаллехь вара хIинццалц Висмурадов Абушайх. Алхановс бахарехь, керла дарж кховдор ду Висмурадовга гергарчу хенахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG