Официалан визитца Китай вахна Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президент Трамп Доналд. Цигахь иза цхьанакхетта Китайн Халкъан Республикан куьйгалхочуьнца Цзиньпин Сица. Дийцарийн коьрта тема хир ю Корейн ахгIайритIерчу ситуацех.
Къилба Корейн парламентехь вистхуьлуш хьалхо Оьрсийчоьне а, Китайга а кхайкхамбира Трампа Пхеньянца юкъаметтигаш хедае аьлла.
Рейтер агенталло бечу хаамашца, Цзиньпинца цхьанакхетар доьдучу юкъанна Китайга Къилбаседа Корейца йолу шен финансийн уьйраш лахъяр доьхур ду Трампа, ООН-ан санкцеш а ларъеш.