ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн зудчуьнга расистийн къамелаш дина немцо лаьцна Берлинехь


Берлинерчу Фридрихсхайн кIоштахь сурсатийн туькана йоьдучу нохчийн зудчунний, цуьнан ялх шо кхаьчначу йоIаний эвхьаза мотт а лебеш, расистийн хабарш а дуьйцуш, некъ хедош хилла цхьа меттигера вахархо. Цкъа хьалха иза тергал а ца веш, шайн новкъа дIаяха гIоьртина и шиъ, амма агрессиве берлинхо тIаьхьара волуш ца хилла. ТIаккха и сурт гуш болчу тешашка шайна орца дехна зудчо, полисхошка телефон а тоьхна.

Хье ца луш Iедалхой схьа а кхаьчна, шега шен расистечу леламах хеттамаш бича, 47 шо долчу немцочо ша шек а вац расист хиларх аьлла.

Берлинерчу полицин прессица болхбаран декъехь Маршо Радиога тIечIагIдира, и стаг Iедалхоша шайца полицин декъе дIавигина хилар а, къаьркъа а, корта бахон молхнаш а мелла хиларна, иза толлуш, цIий схьаэцна хилар а.

Германехь расизм вуно шога йихкина хиларна расизмаца доьзна талорш къайлахчу сервисаша толлу. Цундела цу стагана дуьхьал полисхоша бехкталламан гIуллакх схьадиллина ца Iаш, цуьнан гIуллакх шен тидаме эцна меттигерачу Пачхьалкхан Кхерамазалла ларъяран къайлахчу сервисо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG