ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра мухIажирш шайн лаьттахь дIатарбо ГIалгIайчоьнан Iедалша


Нохчийчуьра кхелхина баьхкина бахархой дIатарбаран программа кху шарахь дIаерзош ю аьлла, хаамбина мехкан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире.

"Кху шарахь ши программа чакхене йоьдуш ю тхан хьан гIоьнца. 20 шарахь сов оцу цIийнах боьхначу наха юкъараллехь хьал гIоьртина латтадора", - аьлла Евкуровс Путине.

Цо бахарехь, карара бутт чекхбалале керлачу хIусамашка дIакхалхор бу 800 гергга доьзалш. Иштта карабогIучу баттахь токхамаш хиллачу меттигашкара кIелхьараваьккхина 8 эзар хиллал стагна а кхачор ю тховкIело.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG