ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIедогIучу шарна а газеташна, журналашна язбалар тIедожийна Нохчийчуьрчу бахархошна


Низамо хьоьхург тергамза а дуьтуш, Нохчийчохь юха а керла хIума юкъадаккха лоьруш бу Iедалхой. ГIаланашкахь, кIошташкахь почташкахь къахьоьгуш болчу белхошна тIедожош ду 2018-чу шарахь цхьана билггалчу барамехь махкахошка газеташ а, журналаш а яздайтар. Яккхийчу гIаланашкахь хIиттийна зил дозанаш билггал мел ду хууш дац, амма ярташкахь почта дакъошкахь болх бечу гIуллакхъхоша Маршо Радиога бинчу хаамца, эвла йоккха- жима хиларе хьаьжжина 10 эзарна тIера 30-40 эзарне кхаччалц газеташ яздайта декхаре бина уьш.

Масала 8-9 эзар вахархо волчу юьртахь 30-31 эзар газет яздайтар тIедожийна почтан белхахошна. Уггаре а царна цатовриг ду, тIетухуш алапа а доцуш, и пресса дIасаекъар а шайн тIехь дуьтуш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG