ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара здарий а, бераш а цIадерзош ду гергарчу хенахь


Оьрсийчуьра берашца 30 сов зуда а, Узбекистанера а, Казахстанера а шайн доьзалшца 10 нана а Шемара Соьлж-ГIала кхачор ю гергарчу хенахь. И хаам еаридийнахь Инстаграмерчу шен аккаунтехь бина Кадыров Рамзана.

"Гергарчу Малхбалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а сан векалан аьтто хилла Шемарчу каппашкахь хиллачу 44 зудчун а, берийн а идентификаци ян. Царех 9 бер а, ши зуда а Узбекистанан а, Казахстанан а бахархой бу. Бисинарш Башкортостанера а, Орелера а, Дагестанера а, кхечу Оьрсийчоьнан регионашкара а бу. 10 зуда а, бераш а ду Нохчийчуьра. ТIедогIучу кIиранах Шемара 44 адам Соьлж-ГIала схьакхачор ду", - яздина Кадыровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун векална Сабсаби Зиядна тIедожийнера, Узбекистанан а, Казахстанан а бахархой Шемара схьабаха.

ТIаьххьарчу кхаа баттахь Иракъера а, Шемара а 25 зуда а, бераш а цIадерзийна Оьрсийчу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG