ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туберкулез йолучарна нуьцкъаша дарбанаш лелор ду Нохчийчохь


Махкахь пехийн лазарш долчу наха шайн лаамехь дарбанаш ца леладайтаран бахьанашца республикан могушалла ларъяран министран дехарца, прокуратурано тIедожор ду бахархошна дарбан хIусамашка охьа а буьйшуш, шайн могушалла тергонехь латто.

Туберкулез олу цамгар гонахарчу могашчу нахана кхераме хиларе терра, леринчу лазартнехь охьавиллина хила везаш ву цомгушниг.

Ткъа лоьрийн рекомендацешна кIес етташ, диллина пехийн лазарш долу нах лар ца луш, дIалела юкъараллехь аьлла министро.

Оцу хьокъехь 11 цомгуш стаг церан бертаза дарбан хIусаме виллар тIедожош кхеле искаш кховдийна прокуратурано.

Иштта талламийн жамIашца, карарчу хенахь республикерчу туберкулезна дуьхьало латточу диспансере Соьлж-ГIалара а, Старопромыслан, Ноьвран, Шелан, Веданан, Теркйистерчу а кIошташкара 11 лазархо охьавиллина дарба доло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG