ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпинна а, Ганнушкинна а дуьхьал акци хIоттийна Соьлж-ГIалахь


Бакъонашларъярхочунна Ганнушкина Светланина дуьхьал айдина гIуллакх луьстучу Соьлж-ГIаларчу кхелан гIишлонна хьалха бIе сов адам лаьтта кху сохьта. Шуьйта кIоштан кхело чуэцнера чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан сий лардарх иск. Лакхарчу кхелан коллегехь латкъам бан гIерта бакъонашларъярхой Шуьйтан кхелан сацамна.

Ганнушкина Светланас Фейсбукерчу агIон тIехь Кенхи юьртара Джалалдинов Рамазан Iедало кхерамаш тийсинчул тIаьхьа ведда аьлла, яздинчул тIаьхьа кхеле арз динера, цо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллна сий дайина аьлла.

Иштта гIуллакх долийра «Новая газетанна» а, Джалалдиновна а дуьхьал.

Батуман урамерчу кхелан гIишлонна уллохь гулбелла меттигера бахархой, шайлахь алсам зударий а болуш.

Церан карахь ду плакаташ «Каляпинан докладехь дуьйцучул а бакъ ду базарахь лела эладиттанаш», «Ганнушкина, хIун мах бу тахана францхойн сийлахьчу легионан мидалан», «Милашина, ямартлонан я сутараллин хьожа ю Iамеркхойн долларийн», «Ма чIечкъа, либерал, хьан зама тIекхаьчна» аьлла, йозанаш а долуш.

Гулбеллачара маьхьарий детта «Кхелан нийсо оьшу тхуна» бохуш. Можа микроавтобусаш ю кхелан гIишлонна хьалха лаьтташ. Соьлж-ГIалин администрацино вовшахбеттачу барамашка нах кхуьйлу оцу автобусашкахь.

Нохчийн Iедална критика йина Кенхи эвлара Джалалдинов Рамазан тахана къайлаваьлла, шен дахарна кхерам буйла хиича.

Стохка Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире видеокхайкхам бинера цо, шен кIоштара проблемаш ялхош. ТIаьхьа Кадыровна хьалха телевизионехула шена гечдар а дийхира Джалалдиновс. Цул тIаьхьа а Iедалера шена кхерамаш тийсича, бакъонашларъярхошка орца а дехна, махкара ведда Джалалдинов. Оцу дерригенах а лаьцна шен Фейсбукерчу агIон тIехь яздинера Ганнушкина Светланас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG