ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москальковас кхи дIа а толлур ду Нохчийчуьра хьал


Оьрсийчоьнан президентехула адамийн бакъонаш ларъян векал йинчу Москалькова Татьянас хаамбина, Нохчийчохь байна бохучийн гергарнаш ницкъаллийн структураша шаьш ларбийр бу аларх. ТАСС агенталлан корреспоонденте еаридийнахь Архангельскехь регионийн юкъара форум йоьдучу хенахь аьлла и цо.

Бутт хьалха Москальковас дIахьединера, Нохчийчохь вайначу 18 стеган хьокъехь зуламан бехктакхаман гIуллакх долийна аьлла. «Новая газетан» масех артиклашкахь дуьйцура, Нохчийчохь гейшна тIехь Iазап латтош ду, лоьцуш, бойуш бу уьш аьлла.

Кхечу публикацешкахь яздира, лерина операци дIахьочу хенахь дIалецна кегийнах байина аьлла.

"Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, мехкан администрацига а ас официалан дIахьедар динера, адамашна тIехь оццул ницкъбар могуьйтийла дац аьлла. Соьга жоп деана, и нах полисхоша шаьш шайн гIоьна кIел лаьцна аьлла", -дийцина Москальковас. Байначийн гергарчаран тIеIаткъам бо аьлла информаци ша толлур ю аьлла омбудсмено.

"Нухажиев Нурдига а, кхечу хьостанашкахула а хаийтинера ас со Нохчийчу йоьдуш хиларх а, соьца цхьанакхета мел луург ас тIелоцур вуйла а. Цхьанакхетаршкахь хиллачу наха соьга ца дийцира шайна кхерамаш тийсина хиларх.

Делахь а кхечу хьасташкахула информаци кхечира соьга, нах кхерийна хиларх", -аьлла Москалькова Татьянас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG