ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белялов Рамзанан гIуллакх юха а листа долийна кхело


1995-чу шарахь Буденновскерчу дарбан цIенна тIелатар динчу тобанца хилла аьлла бехкевина, чохь латтон Белялов Рамзан оцу шеран бIаьста дуьйна гуьйренан чакхене кхаччалц Башкирехь гIишлошъечу тобанца болх беш хилла аьлла, тIечIагIдина тешаша. Шинарийдийнахь юха а листа долийна цуьнан гIуллакх.

Маршо Радионо шен сайтехь яздира 2015-чу шарахь Гуьмсера вахархо Белялов Рамзан Нохчийчу а баьхкина, луларчу Ставропол-махкарчу низамхоша рогIера лерина операци дIахьош лаьцна, дIавигина аьлла.

20 шо хьалха Буденновск гIалина тIелеттачу Басаев Шемалан тIемалойн тобанехь хилла аьлла, лаьцна ву Белялов. Ткъа иза вевзачара чIагIдо, Буденновске нохчийн тIемалой бахначу муьрехь иза Башкирехь гIишлош йотта вахана вара бохуш.

Белялов Рамзанан вашас Халида Маршо Радиона еллачу видеоинтервьюхь а чIагIдира, шен вешин алиби хиларх.

Зуламхо жоьпе озо магийна хан тIехъяьлла аьлла Белялов Рамзанан а, Маздаев Мохьмадан а адвокаташа бутт хьалха дина арз тIе ца дитираа Къилбаседа Кавказан тIеман кхело.

Талламо бехкевина, Белялов Рамзанца цхьана изза бехк тIе а хьарчийна, латтош ву кхи цхьа Нохчийчуьра вахархо Маздаев Мохьмад.

Ши шо сов зама ю и ши стаг лаьцна латто.

Беляловс а, Маздаевс а шайн бехк хиларна мукIарло ца до.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG