ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Краснодарерчу полицино нохчо лаьцна


Нуьцкъаша кхаьънаш эцарна лехамашка велла Краснодарехь болх бина цхьана куьпан полисхо. Меттигерчу вахархочо хаамбина полицига шегара бертаза ахча даккхарх.

КIад боцчу бахьанаца дов даьлла хилла цуьнан шен хIусамненан доттагIчуьнца. Конфликт иккхина масех де даьллачул тIаьхьа кафе чохь кхунна вевзаш воцчу стага тIе а вена, ницкъ беш, 100 эзар сом ахча тIедожийна цунна шен езачу йоIца дов даьккхина, цунна вас ярна дуьхьал компенсаци санна. Масех де а делла хилла арз динчунна ахча вовшахтоха. Полисхошна карийна зуламхо. Иза ву 40 шо долу Нохчийчуьра вахархо.

Бехк шена тIе ца лаьцна цо, амма талламхочунна кхачам боллу тоьшаллаш карийна иза бехкехиларан. Карарчу хенахь лаьцна латтош ву иза. 7 шо гергга хан тоха кхерам бу цунна.

Юга.ру портало бина и хаам.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG